Eid Mubarak
30.03.2025
ИП Агуева НОШ "Талант" поздравляет:🌹Лераме Махкахой, хьоме Йижарий, Вежарий!
Сийлахьчу АллахI-Дала къобал дойла вайн марханаш, Дала тIейогIучу массо а ханна кхаба а, даста а ницкъ, хьуьнар а, могшалла а, има-беркат а лойла вайна. Лайна йолу хало, хьегна къа а, йина Iамалш а Цу Дала Ша реза волчу кепара диканца сайохийла, массо бусулбанан, Мухьаммад-Умматан. Везачу АллахI-Дала бусалбачу нахана хазахетарца луш болу лераме Мархийн бутт санна, хаза доуьтийла хIора де а. Дала вовше дезар, дог лазар а лойла вайна.🎉
Дала хIара мархийн бутт бахьана долуш, Ялсаманчохь Iер-дахар лойла вайна. И Веза Дела дукхавезна, Цу Далла дукхадезначу тобанах дойла вай!💙
Источник: ИП Агуева Таира Умаровна